Аш ладог1ал махкахой. Вай дийца деза некъаца лаьтташ волчуьнца лиелош долчу гIиллакхах лаьцна. ГIиллакх йалсаманичуьра дуьйна схьадогIуш ду, гIиллакх доцу стаг шена чу ма ваийта аьлла, дехар дина йалсаманино Деле. Нохчийн къоман шадолу дахар а, вовшен йолу йукъаметтигаш а, гIиллакхах хоьттина йу. Хьо чу вогIий? Ахь йуий? Хьо дIавуьгий? Иштта дIа, дийцина ца валлал дуккха ду уьш, гIиллакх гойтуш долу дешнаш, лиеларш. Жима волуш дуьйна хезна ву со, баккхийчара олуш: «Некъаца автобус тIехь, такси техь, йа кхечхьа, кхечуьнах ахча дIадалар доккха сагIа а ду, хаза гIиллакх а ду». Некъаца лаьтташ волу стаг, зуда, машен а сацийна, «хьо дIавогIий?» аьлла, дIавигар, гуттар а чIогIа мел бу, олуш ду. ТIаьхьарчу заманчохь, кегийчарна йукъахь даьржина, «новкъахь лаьтташ волчу стага куьг ца лацахь, иза дIавига мегаш дац», бохуш долу, цхьа осала хIума ду. Цкъа делахь, куьг лоцуш волу стаг дехар деш ву, ша дIавигахьара ахь, аьлла. Ткъа гIиллакх ду, нагахь ахь, цо дехар дале «дIавуьгий хьо,  д1айоьгий хьо ?» алар. ХIунда аьлча, дехар нохчийчо атта деш ца хилла, иза сагIа дехар санна хIума долун дела. Хьалхалерчу заманчохь, къоьлла йолу доьзална, дан амал доцуш висинчу стагана, йуьртахоша, къайлаха цунна а, цхьанне а, ца гойтуш, керта йисте охьадуьллуш хилла рицкъ. Цкъа делахь, иза йуьхьIаьржа ца хIоттон, шолгIа делахь, шена сагIаделларг мила ву хиъча, иза цунна хьалха бехкала гIур волун дела. Уггаре коьртаниг, цхьанне а сагIа деха дага ца даийта, вовшен ларбеш хилла нохчаша. Иштта ду кхузахь а. Некъаца волчу стаге куьг а лаьцна, дехар ца дайта, «хьо дIавогIий?», – аьлла, иза дIавигар ду нохчийн хаза гIиллакх. Лайн амалш йолу наха, вайн хаза г1иллакхаш ца дезаш, вайн йукъакхуьссу осала хIуманаш вай тергал дан ца деза. Вайн дайша хIун лиелийна а, вайн дайн хаза гIиллакхаш ваьш лиелон деза а хаа деза вайна. Х1инца а дагадог1у суна иттаннаш шераш хьалха гермачигахоша шайгара гайтина г1иллакх. Иза дара гуьйранна, 1981-чу шарахь. Соьлжа-ГIаларчу дешаран комбинатехь бухгалтерски курсашкахь доьшуш волу масех студент, со а цхьаьна, урокаш чекхйевлча, «Россия» кинотеатре ваханера. Хан йаьллачу хенахь цIа вогIуш, «Минуткехь» йолу «Южный» автовокзал къевлина карийра суна. Маршрутни автобус тIаьххьарниг дIайаханера. БIаьнновкъахь, белхалой дIасабуьгуш йолу автобус ларйеш болчу нахаца сецира со. Тхуна тIех а йаьлла, дехьо сецира ГАЗ–073 марка йолу киралелон машен. Охьавоьссина, шоферо мохь туьйхира лаьттачу нахе, «Гермачига!», аьлла. Цул тIаьхьа, цхьа ах шо даьллачул тIаьхьа а, иштта ханйаьллачу хенахь накъосташца цIаван новкъаваьлла лаьтташ волуш, цIен бос болу, «четверка» жигули сецира. Цо а, хьалхалерачо санна мохь туьйхира «Гермачига!», – аьлла. ЦIа веача ас, «Грознефть» объединенин «Шукурбин гаражехь» дежурни механик болх беш волчу, тхайн воккхах волчу вешига Хьажбига дийцира сайна гина долу, гермачигхоша лиелош долу гIиллакх. Цу гаражехь белхаш беш Шелан кIоштан йарташкара дуккха а нах бара, царна йукъахь гермачигхой а бара. Балхахь дуьненан къамел деш йарташкара хьал а ма девзий. Хьажбис элира: «Сибрехара вайн нах цIабаьхкича, Гермачигарчу дешначу наха шайн йуьртахошка кхайкхам бина, машенашкахь лиелаш болчаьрга: «ТIехао меттиг а болуш, некъаца лаьтташ верг тIе ца хаош, схьа ма догIийла», – аьлла». Соьлжа-ГIалахь, Устрада-ГIалахь, Мескар-Эвлахь, Гермачигахь, Шелахь некъаца лаьттачу нахана, куьг лаьцча а, ца лаьцча а, машен сацош верг, шаверг, бохург санна, Гермачигара хуьлу. «Шела воьдий хьо?» – шега хаьттича, водитело «воьду» – олий, жоп ло. Гермачигахочо, ша Гермачига кхаьчча, некъахой охьабиссо йиш йоллушехь, ша Шела воьдуш ца хилар лачкъа а дой, Шела-йуккъе кхаччалц дIабуьгу. Тахана а, кхузткъай бархI шо даьллачул тIахьа, шайн йуьртарчу дешначу нехан весет кхочушдеш, шайн хаза гIиллакх лардеш схьабогIуш бу гермачигхой. Дела реза хуьлда царна. Со Мескар-Эвлара ву, халахеташ делахь а, тхан йуьртахь и гIиллакх чIогIа ледара лиелаш ду. Йуьртара аравала йуьртахочунна мескерэвлахочо атта машен ца сацайо. Курчалой-Эвла ваха араваьлча, маршрутни автобусана тIецанисвелча, йуьртара йуьрта ЦоциЭвла, Гелгана вуьдуш, дIакхочур ву хьо Курчалой-Эвла. Шен йуьртара цхьаъ ваьлла а дика стаг ваьлча, йуьртан ледарлонаш хьулло. Кху шеран асаран баттахь 26-чу дийнахь, Мескар -Эвларчу Осмаев Виситин машенца со а, Виситин верас Абзаилов Юсуп вахара Теркал дехьа.  Оьрза-ГIалахь (Червленная) делкъан ламаз дан Iалашо йолуш, машен сацийра оха жамаIатан маьждигна уллехь. «Остановкехь» лаьтташ йолчу йоккхачу стага хаьттира; «Шу охьадоьлхий?». Ткъа тхо кхечу агIор дахадезаш дара, йуьртара волу, Виситан верас волчу Магомадов Анзори кашаре. Сан йуьртахочо, жимачу стага Осмаев Виситас элира: «Тхо ламаз дан севца. Хьуна машен ца хилахь, дIайуьгур йу хьо». Арадевлча, йоккха стаг дIайахаза лаьтташ а гина, «чухаа», аьлла, иза дIаэцна доьлхуш, хиира тхуна иза Буруни-поселкера (Шестой совхоз) йахархо Бисултанова Малика йуй, Иза шен йоьIаршца Iан бIегIийла ца хеташ (невцан баьрчехь), ша цхьаъ Iаш йуй а, цуьнан ши йоI шотошкахь марехь а йолуш, Казахстанерчу Чимкент-гIалахь йехаш йуй а. – Дийнахь цкъа бен ца йоьду «Газель» тхан йуьрта, – бохуш, дийцира Маликас. 50 километр тIулган некъаца дIа а дахана (хIинца, Кадыров Рамзанан омрица асфальт йуьллуш йу цу новкъахь), йоккха стаг шен цIа дIайигира мескерэвлахочо Осмаев Виситас. Ткъа Бисултанова Маликас тхо чу а кхайкхина, йаа-мала йала гIерташ, гIиллакх лиелийра. СхьадогIуш, холодильник чуьра цхьа пакет мерза хи а делла новкъа дехира. ДIа-схьа ши сахьт хан бен ца йайира оха, иза билгало йара Дала тхан некъ нисбина хилар, тхан гIуллакх а дитина, тхо йоккха стаг дIаэцна дахарна. Боккха мела баьккхира Виситас, малхехь лаьтташ йолу и пекъар-йоккха стаг-ц1айигина. Цуьнца волчу тхойшиннан а б1аьрг буьзира жимчу стагах. «Мескер-Эвлахь а ма хилла г1иллакх долуш кегийнах»,аьлла, хазахийтира суна.     – Висита, хьо ца вевзачо, хьуна Гермачигара ву эра ду. Кхоам бара хьан Гермачигара ца хуьлийла, – элира ас, сайн йуьртахочунах воккхавеш.

ШоIип Межидов

Шелан к1ошт. Мескар-Эвла