Хьоме йижарий, вежарий!

Вай тахана гулделла Ненан де даздан. Дуьнент1ехь х1уммаъ дац Ненал хьоме а, деза а. Вай наноша кога ира х1иттадо вай, кхерчахь йовхо латтайо, хьекъал, кхетам луш кхиадо. Нена куьйгаш к1еда ду, къинхетаме, ц1ена ду дог! Дуьххьара мотт 1емаш йоккху Нена ц1е, дуьххьара ког боккхуш, юха а йоккху цуьна ц1е. Сада1ар доцуш, буьйсанна наб яр доцуш, аганан г1аж д1ахеца йиш йоцуш, мацалла, г1ело х1ун ю ца хаийта г1ерташ, довха дешнашца там бан г1ерташ кхиадо Нанас шен бераш!

         Вай къоман дуккха а хила, х1инца болш а бу, вайн къам мел деха хир а бу турпала наной. Царех цхьанна ц1е яккха лаара сунна. Кадырова Аймани ю вайн махкана а, халкъана а уггаре хала беанчу муьрехь массарна а нана, йиша хила лаьттина. Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентана Ахьмад-Хьаьжина тешаме накъост хила, цуьнца цхьана чекхйилина дахаран ерриге а халонех, дерриге а цуьнан г1уллакхаш т1ехь г1о лаьцна цо. Тахана цо д1ахьо 1аламат боккха къинхетаман болх: г1о до г1ийлачарна, мискачарна, даима царна саг1ийна х1ума яларца. Иза нохчийн бакъйолу Нана, кхерчан ц1е, йовхо, токкхо ларъярхо ю.

         Наналла д1акхехьар йоккха къонахалла ю, уггаре хьалха лара езаш ерг Нана ю. Ялсамане нена когаш к1елахь ю олуш ду, шайна ялсамане езахь – ненаца дика хила бохург ду иза. Наношна хьалхара декхар д1аделла девр дац вай цкъа а. Даггара баркалла шуна, хьоме наной, Дала декъала дойла шу!

         Дала тхуна могуш-маьрша латтадойла шу дуккха а шерашкахь! Дала вайна массарна иман а, кхетам а лойла нана хьакъ ма-дду лара а, цуьнан сий дан а!

 

 

 

Глава администрации

Шалинского муниципального района                                 Т-А.В. Ибрагимов

Новое на сайте